Яраг Сулумов. «Обращение к землякам» -28.08.2013

(Перевод с чеченского языка).

Foto -Яраги Сулумов 25-02-2011 um 16.58

Ассаламу 1алайкум!

Маршалла ду шуьга, махкахой!

В последнее время в интернет ресурсах распространяются между сторонниками , стоявших у истоков свободы, взаимные обвинения и упреки в виде статей и видеоклипов. Мы обращаемся с этим призывом потому, как мы старшие по возрасту, и стояли у истоков свободы чеченского народа.

Ставить в обвинение сомнение в вашей верности своей Родине, это очень большое обвинение, это рана в сердце.  Зная, каковы могут быть последствия обвинения без основы, наши предки со всех сторон расследовали дело, чтобы не было в этом никаких сомнений, только после этого предъявляли вину. В основе  этого у   чеченцев было то, что опасались последствий несправедливого обвинения тысячу лет. И выше сказанное ….

В исламской религии считается большим  грехом, обвинение человека  без основы. Поэтому  исламская религия, оберегая людей от греха, обозначила свои методы предъявления обвинения человеку. Как известно, на основе законодательства страны, гражданин пользуется презумпцией невиновности.

Поэтому особенно опасно, без решения суда, членам правительства пользоваться слухами для обвинения людей. И если предъявленное  обвинение простыми людьми, не имея заключения суда, завершается, ранив  сердце, или пролив кровь этих людей, то обвинение, без решения суда, государственными органами,  приводит к  гибели тысяч, а если государство большое, то к миллионам невинных людей. Например, это известно из истории нашего народа в Советском Союзе и нынешней России…

Компромат, и подобные ему методы, порочащие  человека с чеченскими традициями и Исламом    не совместимы, и не допустимы, и  мусульмане  этим заниматься  не могут.

Поэтому мы уверены, что, прежде всего на нас, стоявших у истоков чеченского государства, и  кто  ныне имеет полномочия его, особенно должны быть ответственны и думать  за последствия  сказанного нами. Как говорили наши предки: «Не посмотрев вперед, не делай и шага, не посмотрев назад – не скажи и слова».

Мы призываем вас всех, не имея основы, не корить друг друга в  предательстве нашей Родины. Откажитесь от этого! Совершите обоюдное прощение за прошлые обвинения и обиды, сняв  сейчас   противоречия  в толковании вопросов, как и в будущем, в соответствии с нашими  традициями  и мусульманской  религией.    

Мы должны всегда помнить, какой пример, мы оставим после себя. Мы никогда не должны забывать, что за нами наблюдают, слушают, что мы говорим наши младшие. Пусть Всевышний даст всем, кто привержен свободе  Чечении, взаимное уважение, честь, милосердие, дружбу, согласие, разум и терпение.

После достижения взаимного прощения, нам нужно продолжить работу по поиску Барт в русле достижения Свободы государства,  и собрать разные течения, которые видят по своему пути достижения Свободы, чтобы принять единое решение. Звоните с предложениями: Яраги Сулумов, тел: 017641535652., скайп:  yaragi 52

Ахьмад Докудаев, Сайд – Эми Ибрагимов, 1илмади Шайхиев, Сулиман Асламбеков, Сулим Юнусов, Махьмуд Бибулатов, Висита Ирагимов, Ахьмад Мальсагов, Балавди Белоев, Ризван Арсакаев, Яраг1и Сулумов, Сайд -Хьасан Абумуслимов, Чингиз Зубайраев, Апти Бисултанов, Хаважи Сербиев, Абубакар Мудаев, Махьарбек Магомадов, Руслан Тахаев, Мохьмад Абубакаров, , 1ийса Ахъядов, Идрис Алиев, Муса Баматгириев,Сайд – Мохьмад Хачукаев, 1умар Исмаилов, Мате Цихесашвили,1умар — 1ела Сайдаев, Ахмад Закаев

Разосланно

Даймохк (д1атесна 20.08.2013),Чеченпресс ( д1атесна 21.08.2013),Чеченьюс ( д1атесна 21.08.2013),Голос Ичкерии ( д1атесна 21.08.2013),Хааман.com ( д1атесна 21.08.2013),Ичкерия.инфо ( д1атесна 21.08.2013), Кавказ-Центр.com ( д1атесна 21.08.2013),Нохчипресс.инфо( д1атесна 21.08.2013),Радио Маршо ( д1атесна 21.08.2013)

Отдел писем, Chechenews.com    22.08.13.

Махкахошка диэхар                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                         Ассаламу 1алайкум!

Маршалла ду шуьга, махкахой!

Кху т1аьххьарчу заманчохь интернет–хаамийн г1ирсашкахула даьржина вайн маршонан боламан декъашхоша вовшашна цатамаш, ваьснаш еш долу йозанаш а, видеоклипаш а.

Тхаьш даккхий а долу дела а, кхузаманахьлерачу вайн нохчийн маршонан боламан юьххьехь лаьттина а долу дела до оха х1ара дехар. Махкана тешаме хилар шеконе дуьллуш болу бехк 1аламат боккха бехк бу, йоккха деганчов а ю. «Шаьлтанан чов йирзана, дешан чов ца йирзина,»

— олуш хилла вайн дайша. Бух боцучу бехкбаран т1аьхьало хууш, вайн дайша, массо а аг1ор талла а толлий, мискъала зарратал шеконеш йоцуш хилча бен, кховдош ца хилла бехк. Эзар шерийн стаг харц бехкеваран зуламан т1аьхьалонийн зеделларг хилла цу нохчийн ламастана бухахь. Цу зеделлачун жам1 деш ду лакхахь далийна кица а, и санна, кхин а дуккха а.

Бусулба динехь а ч1ог1а къилахь лерина ду, бух боцуш. стаг бехкевар. Цундела бусулба дино адам цу доккхачу къих лардархьама шатайпа некъаш ду билгалдалдаьхна адаме бехк кховдоран.

Хууш ма–хиллара, пачхьалкхан бакъоне диллича, вай юьйцуш ерг ю бакъонан буха т1ехь йолу пачхьалкх, стаг бехкеван оьшу кхиэлан сацам. Кхиело сацам бина бацахь, лелаш ю, бехкевацаран презумпцин принцип..

Цундела къаьстина кхераме ду, кхиэлан сацамца а доцуш, « элира–бахара» буха т1ехь пачхьалкхаца юкъаметтигаш йолчу наха адам бехкедар. Х1унда аьлча мог1арерачу наха кхиэло чаг1бина боцу бехк кховдор , даганчов йина, я цу нехан ц1ий 1анарца доьрзуш хиллехь, пачхьалкхаан г1уллакххоша кхиэлан сацамца доцучу бехкеваро, цу пачхьалкхан ламаст а хуьлий, эзарнаш, йоккха пачхьалкхх елахь, миллионаш бехке доцу адамаш х1аллакдеш хилла. Масалла, Советийн Союз а, х1инцалера Росси а, вайн къоман цу пачхьалкхехь йолу а, хилла йолу а истории а!

Компромат, кхин цунах терра долу стаг сийзазваран методаш, нохчийн къоман ламасташций а, бусулба динан г1иллакхашций дог1уш а дац, шаьш бусулба лорош болчу наха лело йиш йолуш а дац!

Цундела тхо тешна ду, уггаре а хьалха вайна т1ехь, нохчийн пачхьалкхан юьххьехь лаьттина болучарана, цуьнца юкъаметтигаш йолуш болучарна, къаьстина жоьпалла а ду, олучу дешан т1аьхьаьлонийн ойлаян къаьстина декхарийлахь а ду вай. Вайн дайша олуш хилла ма–хиллара: «Хьалха хьажий бен, ког ма баккха, т1аьхьа хьажий бен, дош ма ала»!

Оха дехар до, вовшийн бух, боцуш, вайн нохчийн махканна тешаме хилар шеконе дохкуш долу бехкедарш юха а эций, вовшашна йиначу ваьснашна къинтера а довлий, болу а, хила мега а цакхетамаш вайн нохчийн ламасташа ма-бохху, бусулба дино ма-бохху, къастабахьара аьлла!

Вай даиманна а дагахь латто деза, вай т1аьхьалонна дуьтур долу масал, вай цкъа а диц дан ца еэза, вайга хьуьйсуш, вай олучуьнга ладуг1уш кегий нах хилар!

Веза-Сийлахь волчу Дала, кху вайн нохчийн мехкан маршонна муьт1ахь болчу массо а махкахойн, вовшийн лара а, вовшийн сийдан а, вовшашна къинтера довлуш хила а, вовшийн бартанна т1екхиийта а, и барт латтабан а хьекъал а, кхетам a, собар а лойла!

Вовшийн сийзаздар сацийначул т1аьхьа,а кхи а д1а г1улчаш яха йиэза аьлла хетара тхуна бартбаран новкъахь: вайн йозуш йоцучу, маьршачу пачхьалкхан д1ах1оттаман, цуьнан т1аьхьалонан хьокъехь вайн тайп — тайпана хьежамахь боллушехь, вайн махканна х1инца а, а т1аьхьа пайде хир долчунна хьокъехь дагадовла, юкъарачу пайденан буха т1ехь т1елацамаш бан тайп — тайпанчу маршонан новкъахь йолчу тобанийн векалш цхьанакхета безар аьлла хета.

Цу хьокъехь шайна хетарг олуш диэхар ду кху адресца з1енедовлар:              Яраги Сулумов, тел:017641535652., скайп: yaragi Ахьмад Докудаев, Сайд – Эми Ибрагимов, 1илмади Шайхиев, Сулиман Асламбеков, Сулим Юнусов, Махьмуд Бибулатов, Висита Ирагимов, Ахьмад Мальсагов, Балавди Белоев,Ризван Арсакаев,Яраг1и Сулумов, Сайд -Хьасан Абумуслимов, Чингиз Зубайраев, Апти Бисултанов, Хаважи Сербиев, Абубакар Мудаев, Махьарбек Магомадов, Руслан Тахаев, Мохьмад Абубакаров, , 1ийса Ахъядов, Идрис Алиев, Муса Баматгириев,Сайд – Мохьмад Хачукаев, 1умар Исмаилов, Мате Цихесашвили,1умар -1ела Сайдаев, Ахмад Закаев

Х1ара кхайкхам зорбане баккха аьлла бахьийтина кху сайташка:

Даймохк ( д1атесна 20.08.2013), Чеченпресс ( д1атесна 21.08.2013),Чеченьюс ( д1атесна 21.08.2013),Голос Ичкерии(д1атесна 21.08.2013),Хааман.com ( д1атесна 21.08.2013),Ичкерия.инфо( д1атесна 21.08.2013),Кавказ-Центр.com ( д1атесна 21.08.2013),Нохчипресс.инфо( д1атесна 21.08.2013),Радио Маршо (д1атесна,21.08.2013) Отдел писем Chechenews.com

22.08.13.

Реклама

Добавить комментарий

Заполните поля или щелкните по значку, чтобы оставить свой комментарий:

Логотип WordPress.com

Для комментария используется ваша учётная запись WordPress.com. Выход / Изменить )

Фотография Twitter

Для комментария используется ваша учётная запись Twitter. Выход / Изменить )

Фотография Facebook

Для комментария используется ваша учётная запись Facebook. Выход / Изменить )

Google+ photo

Для комментария используется ваша учётная запись Google+. Выход / Изменить )

Connecting to %s